Kitabı oxu: «Гуржи»
Дешхьалхенан метта
Дагахь кхоьллина а доцуш, билггал хилладолу хIуманаш ду кху тIехь дуьйцуш дерш. Уьш бераллехь хилла хIуманаш долу дела, берашна дуьйцуш а ду, баккхийчарал а дика бераш кхетар дуйла хууш.
Бакъду, дерриш а-м кхетар дац бераш. Хьайбанашца, жIаьлешца, цицигашца доттагIалла ду дуьйцуш дерг. Цхьадолу бераш и тайпа доттагIалла девзаш дац. Мелхо а, «мостагIалла» ду церан жIаьлешца, цицигашца, хьайбанашца, олхазаршца. Хьозанан бен бохош, цициг лазош, жIаьла Iехош, цунна къайлаха тIулг-гIорза тухуш сакъерало церан. Къиза дегнаш хилар ду иза. Къиза дог – вон дог ду. Воккха хилча а, иштта вон дуьсуш хуьлу и тайпа бераш. Дукхахьолахь. Бакъду, воккхахилча «лачкъо» хьийзадо шен вон дог. Нахана гучохь «культурни» хила а гIерташ. Амма берахьлера деган къизалла, дIа ца йаьккхина къизалла, гуттаренна а йуьсуш йу.
И деган къизалла (деган волла) йан а йоцуш, хIора а садолчу хIуманах хета къа а долуш, бецан хелиган а бан тIалам а болуш долчу берашна девзар ду дуьйцуш долу доттагIалла. Амма цхьа кхин ду: хьайбанашца, жIаьлешца, цицигашца, олхазаршца доттагIалла хир дац моьттуш долу бераш нисдала тарло къинхетаме дегнаш долчарлахь а. Баккхийнаш а хуьлу и моьттуш. КIезиг а ца хуьлуш. Ткъа иза деган къизалла а йоцуш, доттагIалла таса цахааро хIоттош сурт ду.
Хаттар хIутту: кIорггера хаамаш, йаккхийра говзаллаш оьший техьа хьехош долчу дийнаташца доттагIалла тасархьама? Ца оьшу. Хьастар бен, кхин хIума ца оьшу. Хьастаме кхиъна эса шина аттах декхна, олуш ду. Ша хьаьстича, ца хууш дийнат дац. Вай хьехош долчарлахь. Лаххьийна коьртан хье дIабаьккхича, хIумма а ган ца го, хаза а ца хеза жIаьлина бохуш, дуьйцу И.П. Павловс. Амма, букъа тIе куьг хьаькхна, ша хьоьстий хаалой, цIога ластадора ишттачу жIаьло, бохуш. Оццул боккха ницкъ болуш хIума йу и хьастар бохург. Цундела олуш ду: мерзачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина, хазачу дашо лам биъна.
Амма хьекъалш (кхетамаш) цхьатерра ца хуьлу дийнатийн. Цхьанатайпана долчийн а. Адамаш санна, сонтанаш а хуьлу. Цу сонталлица йозуш къизалла а, кIиллолла а йолуш. (Оцу «къизаллех» «акхаралла» аьлча нийсахо хир ду.) Кхеташдерш а хуьлу.
Масала, цхьаццадолу жIаьла берашна, зударшна леташ ца хуьлу. Йа кертахь а, йа арахь а. Керта богIучу божаршна а ца лета, нагахь кертара стаг (хIусамда) арахула велахь. Керта вогIушверг цунна гуш велахь. Кхетамболу дика жIаьла ду и. Ткъа Iовдал жIаьла и хержамаш болуш дац. ХIусамда арахула велахь а, «дIадала» бохуш, мохь бетташ велахь а, чукхийсалуш хуьлу керта вогIучунна – боьршачунна а, зудчунна а, берашна а. Охьа а дуьллий, хьекха а до бер. Амма вукху, берана ца леташ долчу, жIаьлех атта кхера а ло.
Кхин цхьа хаттар а хIотта тарло берашна: жима долчу хенахь (бекъа, эса, кIеза, кIорни долчу хенахь) стенах девзар ду кхетам болу а, боцу а дийнат? Кхечу дешнашца аьлча: мича билгалонца «майралла-кIиллолла» хIотто мегаш йара, майралла хьекъалх, кIиллолла сонталлех а дузуш. Амма тIаккха а хIутту хаттар: и муха къасто деза? Ткъа цу кегийчу муьрехь дийнатийн майралла-кIиллолла церан «къехкарца» къастайо. Уьдуш, цхьанхьа дIалачкъа гIерташ хуьлу кIиллониг. Акха хуьлу. Аьрха хуьлу. Хьастар, цахьастар девзаш ца хуьлу. Сихха куьйгах дулуш, караIемаш хуьлу. Цундела жимачу дийнатан хьекъалан барам адамашца йолчу уьйраца буста тарлуш ду.
1
1920-гIа шо ду и. Сан цхьайтталгIа шо долуш. ЖIаьла далийра тхуна тхан хьешаша Iаьндоша. Дикачу хIух ду, эли. Ши шо а дузанза кIеза ду, тов. ЦIе – Гуржи йаний.
Онда бIотIа йара «кIеза», бодане-цхьогалан басахь. Йерстинчу говраниг санна бара чо: боца, шера. Когаш беха бара, цергаш йаккхий йара. Берзаниш санна. Ирча хеташ стомма муцIар а йара, амма ши бIаьрг хаза бара. Жимма боккхо а болуш, бодане-боьмаша басахь нисбелла ши бIаьрг бара. Дукха сема, безаме хьажар а долуш. Амма лергаш тедда дара. ГIуллакх доцуш тедда а долуш! ЦIога а дацара. Йоцца цхьа тхьум бен.
Чувахна, йоккха сискалан йуьхк а эцна, тIеваха со «кIезана»: «Гуржи, Гуржи», – аьлла. Беха некъ бина, дукха мацделла хиллера Гуржи.
ЦIенош тIехьа беша а даьккхина, ден нанас дов дешшехь, кхин-кхин а йаахIуманаш а кхоьхьуш, дажий ас Гуржи. Баккхийчарна къайллаха ког-куьг хьокхий, хьаста а хьостуш. Цу дийнахь доттагIий хили тхойша. Бегашна а доцуш. Вовшийн ган са а гатлуш. Вовшийн дагара а хууш.
2
Со чохь хилча, нийсса неIарна дуьхьал (амма генна) охьа а хуий, со араволу тергалвеш хуьлура Гуржи. НеI масазза йоьллу, бIаьргаш неIаре хьовсабора, лергаш а дулуш. Араволуш верг со ца хилча, лергаш духадохура. Чам баран билгало йара и. Корехула къайлаха цу суьрте хьоьжуш хуьлура со.
Суьйрана эвлайуккъе ловза со воьдуш, соьца дан лууш хьаьвзара. Мосазза воьду а. «Мегар дац!» – аьлла, човхийча, цIахь соцура. Делхаран хьесапехь кIеззиг цIовза а цIевзаш. Со цIа вогIу тергалвеш Iара, кетIа а долий.
Де-буьйса, кIира даккха дехьа-сехьа воьдуш меттигаш нислора сан наггахь. ТIаккха дукха холчахIутту, бохура, Гуржи. Саца а, хIотта а меттиг ца карош, хьийза, бохура, кертахула. Сих-сиха цIовзаран белхар а деш. И цIовзар а дара Гуржин башха: угIаран хьесапехь чIогIа а дацара, йуххехь ца хилча, хезар долуш а дацара, амма делхаран хьесап дара. Кийрахь делхар санна хIума дара. Аганарчу беро набарха дечу узарех а тарлуш.
Хьастаделча, ас ша тергал ца дича, доккха халахетар хуьлура Гуржина. Хала а хетий, генна а долий, соьгахьа букъ а тухий, охьахуура, хьуьлла бешахула дIа а хьоьжуш. Дегабаам бара и. Атта дIа а ца болура. Генара кхайкхарх, дош долуш дацара, мел «мерза» кхайкхича а. ТIе а вахна, куьг-муьг а хьокхуш, гуттар лерина хьаьстича, халла дIаболура и дегабаам. Баккъалла а берг.
Бегашена дегабаам беш меттигаш а хуьлура. Дегабаам бина моттуьйтуш. Дехьа а долий, букъ тухий, охьа а хуура. Баккъалла долуш санна. Амма шега кхайкхича, лерг меттахъхьадаза ца Iелора. Ша-шаха санна, охьатаьIара лерг. Цу лерго ша гучудоккхуш лаьттийла хууш, сацо а хьийзадора Гуржис и. Хьалхахьа дIаийзадора. Амма, хьастаран озахь со вистхилча, лерг охьатаьIара. Гуржин бертаза таьIаш санна. ТIаьххьара а, шен «дегабаамах» дош хир доций а хуий, чIогIа ловза а оьккхуш, соьгахьа схьахьодура. Ловзадолура соьца, дистхила гIерташ санна, цхьа «гIам-гIим» а деш. «Вало, ловза гIур ду вайша!» – бохучу хьесапехь эвлан йистехьа дIа а хьодуш.
3
Кест-кестта эвлан йисте долура тхойша. Iаннашка, хьаннашка, бердан басешка. Цул хазахеташ хIума дацара Гуржина.
Iаьндийн лаьмнашкахь дина а, цигахь кхиъна а долчу цунна дукхадезара лаьмнаш, бердаш. Эвхьаза а дара бердашца. Хица чIара санна. КIеззиг гечонан тача долчухула атта дехьа-сехьа долура. Со валалой а хьожура. Ца валалуш йа валалац моттуьйтуш, со сацавелча, суна гIо дан гIоьртара: сехьа долуш, дехьа долуш, хьийзара, муха вала веза гойтуш. Шен «гIам-гIим» а деш. Иштта «халачу» меттигашкахь со шел жима лорура цо. Со тергалвеш хуьлура. Суна орцахдала кийчча.
Нагахь со охьакхеттехь, суна тIехьодур дара. Кхерадаларан сурт а йуьхьа тIехь. Хьала ца гIаттало моттуьйтуш, велхаран кеп а хIиттош, со Iуьллуш хилча, гонаха хьийзар дара. ЦIийза а цIийзаш. Цергашца меллаша бедар а лоций, оза а вора. Шен «бегаш» (харц дегабаам), ас сайн бегаш санна, гучу а боккхура дукхахьолахь: со велавалаза ца Iелора, ткъа и мацца а гучувалар дара. Дукха шера хаьара Гуржина и хIума. Сан йуьхьа тIе ма-хьаьжжинехь, хаьара цунна ас лелориг бегашина делахь а, дацахь а. Цундела, айса моттаргIа лелочу хенахь, бертал вужура со, сайн йуьхь цунна ца гайта. Оцунна хир долуш дара, ша моттаргIа хIоттош, Гуржис соьгахьа букъ берзабар а. Сан йуьхь тIехь сан дог-ойла шена гар санна, шен йуьхьа тIехь шен дог-ойла суна а гур йуй хаьара Гуржина.
4
Иштта, вовшен дагара а хууш, сой, Гуржий ловзуш лелаш, гуьйре тIейеара. Куьпара йалташ а дIалистира. Тхан бежана-кежана а йерзийра кIотара. Гуттара а санна. ЦIен-Берд олучу берда йистехь йара и. Берда йистерчу хьуьнхахь. Йуххехь кхин цIенош а дацара. Сан а дийзира цига дIаваха. Сайн Гуржица цхьаьна.
Гуржина-м дукха хазахетара соьца новкъадалар, амма со вогуш вара: дукха вон жIаьлеш дара новкъахь. ДIакхаччалц. ДидигагIеран жIаьлеш. Йалх дара уьш хIетахь, цхьатерра дIахIоьттина. Тхан санна, цигахь дакъа дара Дидиган. Тхоьга боьдучу некъана шикхо бIе метр генахь. Наггахь бен лата-м ца летара уьш новкъа воьдучунна, амма, тIехьаьлхича, чIогIа хьовзавора.
Гуо боккхий дIа а хIуьттий, чукхийсалуш. Жимма ледара хилча, вен а вуьйр волуш, вон жIаьлеш дара. Гуттар чIогIа тIаьхьадовлура уьш жIаьлина. И дара со вогург. Со-м кхура тIе вер вара. Некъа йистехь, СаIидан кха тIехь, кхор бара. ТIевала атта а болуш. Цунна тIекхачале жIаьлеш тIехьаьлхича, водий воьдий, кхура тIе волура со. Цуьнга нисвеллачу хенахь тIехьаьлхича, дукъал тIехьа дIахьулвала кхуьура. Сайца Гуржи ца хилча-м, изза дийр долуш вара со-м цу дийнахь а. Амма Гуржина дан хIума дацара. ХIара дерна кхоьрура вукхара.
ПаргIат садаIа ца ваьхьаш, ма-хуьллу ког байбина, воьдуш вара со. Улледаьлла догIуш Гуржи а долуш. СаIидан кхуре кхуьуш воллура. «ХIинца-м чекхволуш воллура со», – бохург сан дага а теси – «гIалх» айи жIаьлеша. ТIехьа ирхе йара царна. Цундела дукха чехка а ца догIура. Амма догIуш дара. МогIа а бина. Йалхе а.
– Же, дадалахь, Гуржи! – аьлла, сайн доттагIчуьнга мохь а тухуш, дIатасавели со. Дукъал тIехьа хьулвала кхуьур волуш вара. Амма, цигга а ваьлла, вухнехьа хьаьжча, Гуржи догIуш дац. Новкъара дIа а даьлла (жIаьлешна дуьхьал дирзина!), хьаьжкIийн туддарех хьожа а йохуш, дIасахьийзаш ду, шен узарш а деш. Ведда тIе а вахна, ворта а лаьцна, дIа а ийзи. Меттах а ца даккхалора. Вир санна, йоккха хIума хиллера цунах цу хенахь. Ас дика дахош хилар хир дара и.
Ткъа жIаьлеш тIекхочуш дохкура. «Хьоьца кхузахь вала йиш йац сан», – аьлла, кхура тIе вели со.
Хьалха догIуш долу жIаьла цхьа иттех метр хиллал шена гергагIоьртинчу хенахь, цунна дуьхьал кхоссадели Гуржи, «гIалхан» метта йоккха-тоьпаниг санна долу цхьа-ши «гIов» а олуш. Дуьхьал а кхоссаделла, буххера тIа а лаьцна, шен дегI дIанехьа а тесна, шена тIоьхула хьовзош, духанехьа кхоьсси жIаьла. Кхоьссина дIадахийти. Пхи-йалх метр хиллал гена. ТIаккха иза, шийлачу маьхьарца, тапча кхосса доллуш санна, шен тIа хьалхахьа а хьажийна, цIехьа охьадеди.
ШолгIачунна а, кхоалгIачунна а дин Гуржис изза. Дисинарш тIе ца гIирти. Шайн накъостех хьожанаш а йохуш, цIехьа доладели уьш а. ТIаккха, царна тIаьхьа а хьаьжна, цаьргара кхин кхерам бацар шена гича, соьгахьа дирзира Гуржи. Цу хенахь со ву, кхура тIера охьа а иккхина, дукха ирча гIовгIайеш. Ирх а кхийсалуш.
Цул суна хазахетта хIума хилла хир долуш дацара сайн вахарехь.
Иштта дIадоладелира Гуржин хьуьнаре гIуллакхаш а. ХIетахь-м ас ойла а ца йира цуьнан, амма хIинца го: эша а эшна дIадоьлхучу жIаьлешна тIаьхьа цагIертар – къонахалла йара Гуржин. Деган куралла йара. Шел эшнарг хьийзавар – осалалла йу, жIаьлин а, хьайбанан а, адаман а. Оцу вукхара-м ца дуьтура шайна нисделла жIаьла, дедча а, доьжча а. Ден хьийзош, хьекхадора. Цхьана орцано кIелхьара даккхалц.
5
КIотарахь синкъераме хийтир Гуржина: гобаьккхина акха Iалам дара, буьйсанашца берзалой а угIуш. Дукхахьолахь геннахь угIура уьш, ЦIен-Берда кIел. Йа Шаьлма-Iинал дехьарчу зандакъойн дукъахь. Наггахь узарш гергадогIура. Хьалха-м хьайбанийн керта гIоьрташ меттигаш хуьлура. Кертарчара герзаш а кхуьйсуш. Амма хIинца Гуржин «гIов» дукха буьрса дуьйлура. Берзалойн угIарна дуьхьал. Гергахьо борз уьгIча, хьуьн чу дIа а хьодура Гуржи. Дикка хан йаьлча, догIура. Берзалой дIа а лелхайой. Церан угIар а дIатуьйра.
Буьйсанца иштта цIенна Iуналла дора Гуржис, ткъа дийнахь бежнаш Iалашдора. Дажа лелаш долу. Царна кхин Iу ца оьшура хIинца. Куьпа уьш дахнехь а, ЦIечу-Берда кIел хьуьн чу дахнехь а.
Цхьана сарахь дара, маьркIажан бода лестинчу хенахь. Йетт а оьзна, хIетта дина жима эса цунна кIел а хецна, ша чуйоьдуш, нанас эли соьга:
– Эса жима долчу хенахь цуьнца цхьаьна йуьстахбала гIоьрташ Iедал ду цу аьттан, цуьнга хьажалахь.
Сайн цхьа ловзарийн базар йеш воллучу суна йетт бицбели. Кхано арайаьллачу нанас хаьттича бен, дага а ца беа. Ткъа йетт бацара. Баханера эса а эцна. И муьлхачу агIор бели ца хууш, хьаьдда лелара со а, нана а. Бода булуш а лаьттара. Цхьана хенахь деана хьуьн чуьра схьаиккхира Гуржи. Нанина йуххе хьаьвзина, «гIам-гIим» а дина, духа хьуьн чу хьаьди. Тхойша а тIаьххье дIахьаьди.
КIеззиг уьшал йолуш цхьа меттиг йара цу хьуьн чохь, хьайбанашна мала хи IаIийта баьккхина жима кIаг а болуш. Цига гIоьртина хилла йетт хи мала. Ткъа кхуьнца долу эса хотталахь дисина хилла. Цаьршинна тIехIиттий тхо, Гуржис дига а дигна. «ХIара гой шуна!» – бохуш санна, шен «гIам-гIим» а дина.
Нанас хотталара эса схьа а даьккхина, цIа дирзи тхо. ЧIогIа там хилла хьалхадаьлла Гуржи а долуш. Суна дов а дина, цунна дика йаахIума йелира нанас хIетахь. Нийса болх бина а хиллера.
6
Лаьмнашца, хьаннашца бехачу нехан гезарий хуьлура кхобуш – сиха деба а деба, докъар дукха а ца деза, бохуш. Iай а йажа лелара уьш хьаннашка – се бууш, ковст йууш. Тхан да а вара гезарий йоло лууш, амма царна виллина Iу везара. Ткъа и вацара кертахь. Со бен. «Хьан хенара нехан бераш жа-бажа лелош ду», – бохург а кхуссура суна. ЧIогIа тIе а ца дожош. Со а IаддаIара, вист ца хуьлуш. Гезаршка лела цалаарна дацара сан вист цахилар. Уьш йацарна дара. Амма цу гурахь – Гуржица кIотара со вахначу гурахь – цхьа колл-гезарий йалош веара да. Йукъахь кхаба, бохура, лург эцна, бохура, вицвелла со. Цуьнан бала хIетахь сайн хила а ца хилла дела. Ткъа гезарий йалайар вон ца хийтира суна. Суначул дукха хаза Гуржина а хийтира: жа йукъахь дина а, жаца кхиъна а долуш, жен жIаьла дара и.
Гезаршка лела доладелира тхойша – со а, Гуржи а. Дика накъост дара Гуржи. Со тIаьхьа хилча, гезаршна хьалха долура. Со хьалхаваьлча, тIаьхьахIуттура. Со воцчу агIор хуьлура гуттар а. Бегашийна дацара Гуржин Iуналла.
Гезарша «поп буу» зама йара и. Попан хьун йара ЦIен-Берда кIел. Нана-даккхий пепнаш дара, шач санна, дIахIиттина. Наггахь ирзош а долуш. Бердан басешкахь дара даккхий пепнаш. Ткъа царна кIел попан бIараш хуьлура. Iана а доьлхий. Уьш дуура гезарша. ДаIамаш санна, йерстара, и «поп» буий.
Тхан кIотарна йххехула цхьа некъан бахьана дара ЦIен-Берда кIел кхочуш. Ворда-м хьехайойла а дацара, халла салаз йоккхура цу гечохула хьала-охьа. Иза а – дукха йоьттина йацахь. Оцу новкъа лелара сан гезарий а.
Цхьана сарахь ду. ЦIа вогIуш ву со, гезаршна хьалхаваьлла. Ирхех тIеваьлла вала воллуш, дукха чIогIа а ца олуш, цкъа-шозза «гIалх» эли тIаьхьадогIучу Гуржис. И соьга дара. Вухахьаьжча – хьуьлла бухахь ду. Ирхе йолалуччохь. Некъа тIе а хIоьттина, йуххерчу баса хьоьжу, шен «къамелаш» деш. И эрна доций сайна хуъушехь, вуха чувосса мало йина, хьала а дийхи ас. Ца догIура. Соьга а хьоьжуш, цIийза а цIийзаш, варша гIертара.
Ваха со. Со тIекхочушшехь, баса а даьлла, дIахIоьтти: «ХIара болх гой хьуна», – бохучу хьесапехь. ДIахьаьжча, цхьа авст саннарг йу, стовн шалгу йуккъехь лаг а дисина, хьалхара ши ког лаьтта а ца кхочуш, леш йоллуш. Цу стовн гIодах хьалхара ши ког гIортийна, хьалакхевдина хир йолуш йара и се кхалла. Циггахь, ког шершина делахь а, мухха делахь а, шалго йукъа йахнера. Схьайалалур йолуш а ца хиллера. МаIа а лаьцна, хьалаозийна, хьалайаьккхи ас и. Охьайетталора. БIагор беана куц дара. И охьа масазза йужу, Гуржи а хьаьвзара гонах. Цунна хиллачу бохамах боккха цатам хиллера Гуржина. И болх шен бехк болуш хилча санна хьийзара. Узарш а деш. Ткъа, бIагор дIа а баьлла, авст цIехьа йолайелча, хаза а хеттера. Ирча болх! Ловза лелхара. Саццаза «хабарш» а дуьйцуш.
Амма со цецваьлларг кхин дара – Гуржина и авст цигахь йисний хаар: цкъа-делахь, некъана дикка генахь йара, шолгIа-делахь, гойла дацара – дукха луьста варш йара дуьхьала. Йерзина йелахь а. Цу тIе, авст йетталойла долуш а йацара, садоIийла долуш а йацара.
7
Нехан гезарий гергахьа нисйелча – царний, сайчарний йуккъе долура Гуржи: вовшах ца кхетийта. Нехачарна йуккъера схьайогIучунна а, сайчарна йуккъера дIайоьдучунна а дуьхьал дуьйлура, лета а леташ. Йуххехь неханаш ца хилча а ца йуьтура генна йуьстахйала, нагахь йахка йоьдуш и йацахь. Йахка йоьдуш йерг Iадйуьтура, мел гена йодахь а, амма цунна тIаьхьа дIадоьдура ша а. И хIума гучу а дели бIаьстенан йуьххьехь гезарий йахка йолайеллачу хенахь. Йахкаран гIуллакхна къайленга йовла, «лачкъа» гIоьрташ Iедал ду гезарийн, Iушна хууш а ду, йахка йоллург муьлха йу. Къайллах тергал а йеш, «лачкъа» йуьту. Изза дора Гуржис а.
Кхано, цхьана хенахь, газа ша дийриг дина йаьлча – «кхаъ баккха» догIура. Ловза а лелхаш. Хьалха а долий, дIа тIе а вуьгура газанна. Гергахьа гIоьртича, мара бекабора газано – жIаьлина олуш долу «хIерт» саннарг олуш. Ши маьIна долуш хеталора и газанан «хIерт»: тIедогIучунна «кхерам» а, шен буьхьиге «ларлолахь» а. Ткъа буьхьиг «ларйала» а гIоьртара: охьа а йужий, дIатебара, лергаш а дийшош. ХIинцца дуьнен тIе йаьлла, йакъайелла а йаланза йолушшехь!
ТIе а воьдий, схьаоьцура буьхьиг. Дукхахьолахь шиъ хуьлура. Хьалхара когаш а лоций, охьакхозош хуьлура уьш. Нана тIаьхьахIуттура.
Повесть чекхйаккхаза йисина.